АЬККХИЙН ДИАЛЕКТЕХЬ КАРАРА ХАН КХОЛЛАЛУШ ДИФТОНГАШ ИЕ, ИĒ ХИЙЦАЯЛАР

М.С. Закраилова, А.Б. Денильханова, С.-Х.С.-Э. Ирезиев · 2020

Х1окху статья т1ехь оха теллина нохчийн литературни маттахь а, аьккхийн диалектехь а хандешнийн карарчу хенан кепаш кхоллалуш хьалхарчу мог1арера, юккъерчу айамера дифтонгаш ие, иē хийцаяларан башхаллаш. Къаьсттина т1е тидам бахийтина хандешнийн орамехь йолу ие, иē дифтонгаш карарчу хенан кеп кхоллалуш горгаяларна. Нохчийн маттахь а, аьккхийн диалектехь а карарчу хенан кепаш кхоллалуш кхочушхуьлуш йолу контактни а, регрессивно-дистанционни а ассимиляцин башхаллаш теллина статья т1ехь. Цул сов, г1алг1айн меттан цхьана дешдекъах лаьтташ долчу хандешнийн карарчу хенан кеп кхоллалуш кхочушхуьлуш йолу башхаллаш а къастийна. Балха т1ехь тидаме эцна аьккхийн диалектехь, нохчийн маттахь санна доцуш, хьалхарчу дешдекъера дифтонгаш ие, иē горгъяларал сов гатлуш а хилар. Ткъа хууш ма-хиллара, х1инцалерчу нохчийн литературни маттахь билгалъяьхна дифтонгаш горгло.

Cited by 0 works. doi:10.36684/30-2020-1-223-226

Authors