НОХЧИЙН МЕТТАН ХАНДЕШНИЙН ХIОТТАМЕХЬ МУКЪАЗЧУ АЬЗНИЙН ОХЬАЭГАР

С.-Х.С.-Э. Ирезиев · 2021

Статья тIехь толлуш йу нохчийн меттан хандешнийн хIоттамехь шуьйра йаьржина йолу мукъазчу аьзнийн охьаэгаран процесс. Вай билгалбаьхна фонетически хиламаш нохчийн маттахь а, цуьнан диалекташкахь а кхочушхуьлу хандешнийн хIоттамехь билгалзачу кепехь а, хенийн кепаш кхоллайаларехь а. Статья тIехь йийцаре йинчу фонетически процессийн дуьззина сурт хIотторхьама йалийна бацойн меттан а, нохчийн меттан диалектийн а материалаш. Мукъазчу аьзнийн охьаэгаран процесс исторически кхочушхилла карарчу муьрехь цхьана дешдекъах лаьттачу хандешнийн хIоттамехь а, гIоьнан хандош «d, v, j, b-itan» тIекхетарца схьадевлла хандешнаш кхоллалуш а, схьадовлазчу хандешнашна тIе гIоьнан хандош dan (→uon) тIекхетарца кхолладеллачу хандешнийн йаханчу хенийн кепаш кхоллайаларехь а. Цул сов, гIоьнан хандешан хIоттамера классан гайтам охьабожарна коьртачу хандешан чаккхенгара «a», гIоьнан хандешан лардера «i» цхьаьнакхетаро деха мукъа «ī» луш масалш а ду.

Cited by 0 works. doi:10.36684/40-2021-1-61-66

Authors