НОХЧИЙН МАТТАХЬ МУКЪАЧУ АЬЗНИЙН ОХЬАЭГАР
С.-Х.С.-Э. Ирезиев · Известия Чеченского государственного университета · 2024
Статья т1ехь йийцаре йо нохчийн маттахь мукъачу аьзнийн охьаэгаран (редукци) процесс. Мукъачу аьзнийн г1елдаларан процесс нахски меттанашкахь а, нохчийн меттан диалекташкахь а шуьйра йаьржинчу фонетически процессех цхьаъ йу. Балха т1ехь, цхьайолчу хандешнийн кепашкахь г1едаларан процесс йуьйцучохь, нохчийн меттан диалектийн материал а йалайо, хууш ма-хиллара, диалекташкахь мелла а шира кепаш ларйелла меттигаш а, шен башхаллашца хийцамаш хилла меттигаш а нислуш хиларна, дуккха а болу фонетически хиламаш талларехь а, церан дуьззана сурт х1отторехь а доккха г1о до диалектийн материалаша. Статья т1ехь билгалдоккхуш ду, нохчийн маттахь мукъачу аьзнийн охьаэгар дашна йуккъахь а, дешан чаккхенгахь а хуьлуш хилар. Мукъачу аьзнийн охьаэгаран процесс нохчийн маттахь кхочушхуьлу ц1ердешнийн йуьхьанцарчу кепашкахь, ц1ердешнийн легадаларехь, дукхаллин терахьан кепаш кхоллайаларехь, билгалдешнийн, причастийн легайаларехь, дошкхолладаларехь, хандешнийн хенийн кепаш кхоллайаларехь. Нохчийн маттахь а, цуьнан диалекташкахь а мукъа аьзнаш охьаэгаран процесс кхочушхуьлу хьалхарчу дешдекъера мукъачу аьзнийн хийцамаш беш а, ца беш а. Хетарехь, нохчийн маттахь мукъачу аьзнийн охьаэгаран процесс шуьйра йаьржина хиларан бахьана дешдакъош дукха кхоллар маттана ца дезаш, матто ницкъ кхоош, шена атто лоьхуш хилар ду.
Cited by 0 works. doi:10.36684/12-2024-34-2-38-45